ТIекхочийла долу линкаш

Ιамеркан кема иккхина ГΙиргΙазойчохь




ГΙиргΙазойчоьнанний, Казахстананний дозанехь доьхна Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тΙеман кир лелабе кема. ГΙиргΙазойн орцан министралло бахарехь, Бишкекна 90 чаккхарма юьстах лаьттачу Чалдибар-юьртана гергахь иккхина иза. Бишкекера гΙаьттина ОвхΙанистане ягориг эцна доьдуш хилла кема. Иза даьгна хиларна, цунна чохь масса стаг хилла хууш дац цкъачунна.
XS
SM
MD
LG