ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило ракеташ тоьхна Шеман лаьтта тΙе




Шоьтан дийнахь Израилан векалша тΙечΙагΙдина Либанна герга йолучу Шемин цхьана меттигна яхначу буса шайн кеманаша тохар дина хилар. Цара бахарехь, бахьана ду Либанерчу ХΙизболлан ницкъашка шемахоша ракеташ дΙалуш хааделла хилар. Хаам биначарна ца лаьа шаьш довзийта а, кеманаша ракеташ тоьхна меттиг йийца а.

Израилан премьер-министра Нетаньяху Биньамина дΙахьедина, шаьш дуккхаза а баьхнера, Шемано Хьизболлага муьлхха а герз кховдош хаалахь, Израило могуьтур доцийла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG