ТIекхочийла долу линкаш

Карзайс кхайкхам бина тΙалибашка




Шайн герз питанаш леладечу нахана дуьхьал дерзаде, аьлла, кхайкхам бина тΙалибашка ОвхΙанистанан президента Карзай Хьамида ша шоьтан дийнахь еллачу пресс-конференцехь.

Пакистанца деношкахь доза къевсинчохь иккхинчу тасадаларехь 6 сохьтехь, ша веллалц, духьаллаьттинчу полисхочуьнца Къасим Мухьаммадца хила беза къомах дог лозуш белахь тΙалибаш, элира Карзайс. Герзаш а тухуш, дар-дацар лаьттира еарий дийнахь Пакистано шеггара луларчу ОвхΙанистанца доза къастош хΙоттийначу Дюранд-къоштарчу ханехь. АгΙонаша вовшашна тΙетоьтту хΙинца, массех салти а вуьйш, иккхинчу тасадаларан бахьана.

Дукха хенахь дуьйна къастадаланза ду шина махка юкъара доза.
XS
SM
MD
LG