ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс махка арахьара туристаш кхайкхахь а...




Интернетерчу шен Твиттерехь дуьненан массо а маьΙΙера туристаш кхойкху Нохчийчу оцу махканна тΙехь Кремлан цΙарх олалла латтадечу куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийчохь Ингалсехь долчул а кхераме дац хьал, боху Кадыровс.

ПΙераскан дийнахь Ингалсено шен бахархошка кхайкхам бира, Нохчийчу а, ГΙалгΙайчу а, кхин а массех Къилбаседа Кавказерчу мехкашка а дахарх юхасовцахьара, цигахь кхераме ду, хьал доьхна лаьтта, кест-кеста тΙемаш лелха Ιедалний, цунах летачу ницкъашний юкъахь, аьлла.

Хаам баржийнарш ю оьрсийн агенталлаш - ИТАР-ТАССий, Интерфаксий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG