ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джонца Москох цхьаьнакхетар ву Путин Владимир


Шина денна леринчу визитца Москох воьдуш ву Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон. Шинарийн дийнахь цуьнца цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Цуьнах лаьцна Оршотан дийнахь хаам бина Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс.

Керрис шен визит дIахьош ю цхьамоггIа хаттаршкахула Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а тайпа-тайпана хьажар а долуш. Шеман президентана Асад Башаран гIортор яр дитийта гIорта мегаш ву Оьрсийчоьне Керри Джон.

Путин Владимир а, Iамеркан президент Обама Барак а цхьаьнакхета дагахь ву тIебогIучу баттахь Къилбаседа Ирландехь хир йолчу G8 олучу тобанан саммитехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG