ТIекхочийла долу линкаш

Буданов верна 15 шо хан тоьхна Темерханов Юсупана


Москох-гIалин суьдо луьрча хьелашкахь даккха 15 шо хан тоьхна Буданов Юрий вийна аьлла бехке винчу Темерханов Юсупана. Хан текхна ваьлча кхин а цхьана шарахь эха шарахь дIасалелар а дихкина цунна суьдхочо.

Кхел дIахьош Темерхановс тIе ца дитира шена дохкуш долу бехкаш. Хьалхо иза бехке веш вердикт кхайкхира бехккъасторхоша. Темерхановн адвокато Мусаев Мурада хаам бина журналисташка, цунна хетарехь, и харц хан тохар юхадаккхийта дагахь ду шаьш аьлла.

Буданов вийра 2011-чу шарахь Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь Москох. Кунгаева Эльза ерна 10 шо хан тоьхнера цу стагана кхело. Амма иза хенал а хьалха аравалийтинера.
XS
SM
MD
LG