ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Визитца Москох кхаьчна Керри Джон


Шина денна леринчу визитца Москох веана Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон. Гергарчу сохьташкахь иза цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Цул тIаьхьа Керрис дагадовларш дIахьура ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца.

Хьалхо Лавровс дIахьедар дира, шаьш йийцаре йира ю Шемара конфликт а, ракеташна дуьхьал йолчу системан проблемаш а, кхин долу машаран стратегица доьзна хаттарш а аьлла.

Хаамийн агенталлаш дийцарехь, Керрис а, Оьрсийчоьнан куьйгалхоша а хьахо мега Iамеркахошна Оьрсийчура бераш шайн доьзалшка эцар дехкарх лаьцна хаттар а, Оьрсийчурча гражданийн юкъараллан проблемаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG