ТIекхочийла долу линкаш

Ша кхечу пачхьалкхан агент ца лору "Левада центро"



Кхечу пачхьалкхан агент санна регистраци ян дагахь дац шаьш аьлла, дIахьедар дина «Левада-центран» директоро Гудков Лева. Гудоковс дийцарехь, центро хьул а ца до шаьш кхечу пачхьалкхара гранташ оьцуш хилар а, дуьненаюкъарчу проеташкахь дакъалоцуш хилар а. Цуьнах лаьцна яздо «Эхо Москвы» радион сайт т1ехь.

Гудковс дийцарехь, прокуратуро хIинца а кехаташ ца дахкийтина цаьрга «Левада центр» кхечу пачхьалкхан агент лоруш долу. Хьалхо прокуратуро и сацам бина аьлла хаам бинера «Известия» газето.
XS
SM
MD
LG