ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балхара дIаваьлла Сурков Владислав



Шен лаамехь Оьрсийчоьнан хаьлхарчу вице-премьеран а, Iедалан аппаратан куьйгалхочуьнан а даржашкара дIаваьлла Сурков Владислав. Цу хьокъехь указ арахецна президенто Путин Владимира. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрий дийцарехь, Сурковн дехар Путина къобул дар доьзна ду президенто стохка Стигалкъекъа-баттахь арахецна указаш кхочуш дар ледар хиларца.

Сурков Владислав вице-премьер хилира 2011-чу шарахь, ГIуран-баттахь. Цо кхоьллинера Кремлна тIехIиттина болу «Идущие вместе» а, «Наши» а цIе йолу боламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG