ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчурча школашкахь лоькхуьйтур ю Оьсрийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш


Нохчийчурча школашкахь хIора кIира долалуш лоькхуьйтур ю Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш. Цуьнах лаьцна «Кавказский узел» интенет агенталле хаам бина республикерчу дешаран министралло. И керла юкъадаккхар Iалашо йолуш ду дешархойн патриатизм лакхаяккха а, пачхьалкхан атрибутика лар уьш Iамо а.

Хьалхо цхьамогIа зорбанан гIирсаш хаам бира, гимнаш лакхийта дагадеанарг Кадыров Рамзан ву аьлла. «Кавказский узело» яздо и гIуллакх кхочуш дан цхьацца хийцамаш бан безар бу дешаран процессехь аьлла хета школийн куьйгалхошна бохуш.

Таханлерчу денна Нохчийчохь ю 450 сов школа. Цигахь доьшуш ву 218 эзар дешархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG