ТIекхочийла долу линкаш

Курдойн гIаттамхойн тобанаш арайовлуш ю Туркойчура


Курдойн гIаттамхоша шайн тIеман тобанаш арайохуш ю Туркойчоьнан территори тIера. Цуьнах лаьцна, Курдойн белхан партерачу хьостанашна тIе а тоьвжаш, хаам бина ББС-но.

Курдойн белхан партино Охан-баттахь дIахьедар динера цхьацца дакъа а доккхуш шайн тобанаш Туркойчура дIайига дагахь ду шаьш аьлла.

Кху тIаьхьарчу 30 шарахь курдойн тIемалошна а, туркойн эскархошна а юкъахь хиллачу тасадаларшкахь вийна 40 эзар сов стаг.
XS
SM
MD
LG