ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь мехкадаьттан сурсаташ арахоьцу комплекс юьллур ю «Роснефть» компанино


Нохчийчохь мехкадаьттан сурсташ арахоьцу комплекс юьллуш «Роснефть» компанино дойур ду 78,3 миллиард сом, я 2,5 миллиард доллар. Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчурча Iедалан векалша. 1 миллион тонн мехкадаьтта литта таро йолу завод болх бан йолалур ю шина декъехь. Хьалхара дакъа болх бан долалур ду 2015-гIа шо чекхдолуш. ШолгIа – 2018-чу шеран гурахь.

Охан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йинера «Роснефть» компанина, цо шена тIелаьцна долу декхарш кхочуш деш цхьа а хIума ца дина республикехь аьлла.

Кадыровc дийцарехь, цу компанин долахь йолчу "Грознефтегаз" компанино хIора шарахь республикехь доккха 1 миллион тонн мехкадаьтта. Амма цо республикан бюджете ял а ца ло, белхан меттигаш кхоллар метта уьш дIа а йоху.
XS
SM
MD
LG