ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох бакъонашларъярхошца цхьаьнакхетта Керри


Оьрсийчурча адамийн бакъанашларъярхошца цхьаьнакхетта Москох визитаца хилла волу Iамеркан пачхьалкхан секретарь Керри Джон. Цу цхьанакхетарехь дакъалоцуш бара Москох ХIелсинкин тобан куьйгалхо Алексеева Людмила а, Мемориалан а, ХIюман Райтс Вотчан а, Агора олучу ассоциацин а, Гринписан Оьрсийчоьнан декъан а векалш.

ТIахьарчу хенахь, кхечу пачхьалкхийн агенташ хилар даре де бохуш Оьрсийчоьнан Iедалшкара Iаткъам ловш ю Iедалех йозуш йоцу организацеш.

Хьалхо Керрис дагадовларш дIадаьхьира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG