ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанехь лачкъийна экс-премьеран Гиланин кIант


Пакистанехь лачкъийна цу мехкан премьер-министр хиллачу Гилани Юсуф Резан кIант. Гилани Iела Пенджаб-провинцин низамаш дохучу ассамблеян харжамашкахь дакъалоцуш вара. Мултан олучу гIалахь харжамашна кечам беш хиллачу митингехь дIалаьцна иза муьлуш бу ца хуучу наха.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, Еарин буса Пакистанехь лачкIийна кхин а 5 стаг. Массо а тIегIантехь харжамаш хила безаш бу цу махкахь кху беттан 11-чу дийнахь.

Пакистанехь харжамашна кечлучу заманчохь вийна 100 сов стаг. Цу хеннахь цхьа а тIелатар ца дина тIемалоша Пакистанан премьер-министр хиллачу Шариф Наваза куьйгалла дечу коьртачу оппозицин партин декъашхошна. Тергамхошна хетарехь, и стаг хIотта мегаш ву цу мехкан керла премьер-министр.
XS
SM
MD
LG