ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко 9 тIеман база юьтур ю ОвхIанистанехь


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа 9 тIеман база юьтур ю ОвхIанистанехь. Цунах лаьцна хаам бина цу мехкан президенто Карзай Хьмида, Кабулерчу университетехь вист хуьлуш. Цо дийцарехь, иза лууш ву экономика юхаметтахIоттош а, кхерамазаллин ницкъаш кечбеш а Iамерко шайна гIо дойла. Карзайс къаьсттина билгалдаьккхира шайн махкахь инфраструктура кхиийта оьшуш хилар.

Университетехь вист хуьлуш, цо дийцира ша Вашингтонехь дIадаьхьначу дагадовларех лаьцна. Карзайс дийцарехь, кхерамазаллин пакт кечйеш ю Iамерка а, ОвхIанистан а. Цу документа тIехь дуьйцуш хир ду, 2014-чу шарахь шен эскарш цу махкара арадаьхначул тIаьхьа Iамерко дийра долчу накъосталлах лаьцна.
XS
SM
MD
LG