ТIекхочийла долу линкаш

Дюсселдорфехь сацийна Вагнеран кхузаманахьлера опера гайтар


«Тангейзер» цIе йолу Вагнеран кхузаманахьлера опера гойтучура сацийна Дюсселдорферчу Немцой Рейнан оперехь. Цуьнан бахьана ду цигахь цхьайолу сценаш нацисташ юкъахь болуш хилар.

Цу театран куьйгалхоша дIахьедар дина, цу спектакле хьожуш цхьаболчу хаьжархошна лоьрийн гIо оьшуш меттигаш баьхкина аьлла. Цигахь гойтург ду цхьана концлагерехь хуьлург. Амма шайн спектакль хийца реза ца хилла цуьнан авторш.

Дюсселдорферчу жуьгтийн юкъараллан куьйгалхочо Центай-Хайзе Михаэла дIахьедар дина, и спектакль пайда боцуш а ю, низамца йогIуш а яц аьлла.

Вагнеран оперехь шен хенахь гойтуш дуьйцуш дерг дара юккъерчу бIешарашкахь хилларг. Дуьххьар иза гайтинера Дрезденехь 1845-чу шарахь.
XS
SM
MD
LG