ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскархоша шайна дина зе меттахIоттор доьхуш бу Генубера бахархой


Леррина операци дIахьо аьлла, эскархоша шайн цIенош дохорна дуьхьал Iедалшкара компенсаци йоьхуш бу Дагестанерчу Генубера бахархой. Цигарчу кIоштан администраце 420 кехат яздина цара, шайна дина зе дуьйцуш.

Цаьрца а догIуш, ницкъаллийн структурийн белхахоша Генубехь 10 хIусам эккхийтина, 26 - йохийна. Дина долу зе лоруш болх беш ю леррина комисси.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, церан хIусамашкара хIуманаш лечкъийна, цхьайолу хIуманаш хIаллак йина. Эвлахь дIачаьгIна ду дарбан цIа. Бераш школе лелаш дац, ара довла кхерам болун дела.

Генубехь латтош ду комендантан сахьт. Iедалша бинчу хаамца, Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна цу эвлахь леррина операци дIахьош вийна 3 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG