ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибаш кхерамаш а туьйсуш, харжамаш хилла Пакистанехь


Массо а тIегIантIехь харжамаш хилла Шоьтан дийнахь Пакистанехь. Амма адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дацара цигахь цу дийнахь а. Иштта Карачихь пуштунийн Авами олучу къоман партин харжамийн штабана уллехь, ши эккхийтар а дина, вийна 10 стаг. 30 стаг чевнаш хилла ву. Пешеварехь, цу партин штаб-хIусам а йохош, динчу эккхийтарехь лазийна 22 стаг.

Пакистанехь харжамийн кампани йолаелчхьана тIалибаш кхерамаш тийсинера исламан чулацам боцу и харжамаш бойтур бац шаьш бохуш. И бахьана долуш махкахь кхерамазалла ларъян араваьккхина ву 600 эзар полицин белхахо а, эскархо а.

Шоьтан дийнахь хилла харжамаш Пакистанан исторехь дуьххьарлера демократин харжамаш лоруш бу. Цу кепара пачхьалкхехь дуьххьара хийцадала дезаш ду бахархоша хаьржина долу Iедал.
XS
SM
MD
LG