ТIекхочийла долу линкаш

Бохам хилла школа юхайийр ю Iамеркерчу Ньютаунехь


Iамеркехь Коннектикут-штатехь Ньютаун олучу гIалин администрацин лерринчу комиссино сацам бина 2012-чу шеран ГIуран-баттахь 20 бер а, 6 стаг а вуьш бохам хилла йолчу школан гIишло дIаяккха еза аьлла. Цуьнан метта керла школа йийр ю хьалха хилла Sandy Hook цIе а йолуш.

ХIинца цу хьокъехь шен сацам бан безаш ю меттигерачу школан кхеташо. Цул тIаьхьа цу хьокъехь референдум хир ю цу гIалахь.

Стохка ГIура-беттан 14-чу дийнахь 20 шо долчу стага, герзаш а диттина, вийра 26 стаг. Цул тIахьа, цига полици кхаьчча, ша шена тоьхна велира иза. Жимма хьалхо цIахь шен нана йийна хиллера цо.
XS
SM
MD
LG