ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

80 шо хан а тоьхна, чувоьллина Гватемалан экс-диктатор


Гватемалан диктатор хилла волу Монтт Риос чувоьллина 80 шо хан а тоьхна. Иза бехке вина геноцид ярна а, адамаллана дуьхьал зуламаш дарна а.

Монтта 86 шо ду. 1982 шарахь, тIеман карчам а бина, Iедал дIалаьцнера цо Гватемалехь. Цхьана шарахь, эха шарахь цо цу махканна урхалла деш Гватемалан армино цхьамоггIа таIзаран операцеш дIаяьхьира меттигерчу майя олучу бахархошна дуьхьал. Цу рейдашкахь эскарша байинчу нехан терахь ду 250 000 стаг.

Монтта куьйгалла дина хан уггаре а къиза хан лоруш ю Гватемалан исторехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG