ТIекхочийла долу линкаш

Стенгахь ю и гимн лакха хакъ долу пачхьалкх?


Нохчийчоь - Оьрсийн салташа оьрсийн байракх дlауллуш ю шайна танка тlехь, Соьлж-гlала, Минутка майданна уллехь, 09Чил2000

Нохчийчоь - Оьрсийн салташа оьрсийн байракх дlауллуш ю шайна танка тlехь, Соьлж-гlала, Минутка майданна уллехь, 09Чил2000

Массо хIуманал хьалха а даьккхина, шеран юккъехь, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а пачхьалкхан симболш Iамор тIедожийна ерриг республикина Кадыров Рамзана. Цунна бахьана ду, дийцарехь, Нохчийчура цхьанхьа бахана хилла кегий нах оьрсийн гимн олуш хьала ца гIовттар. Гарехь, школашкахь патриотизм берийн дегнашкахь яржор а, циггара долчух тера ду.

Кегийрхой а, кхиазхой а гонаха тергаллучу хиламашка бе дацарца хьежар а, ца хиъча а, ца девзича а ца долу-кх аьлла хеталучу хIуманийн бала цакхачар а тидаме эцна тахана Нохчийчохь. ХIора вахархочунна, дешархошна а, кегийрхошна а, кхоллараллин балхахь болчарна а-м муххале а ца хаа йиш йоцчех лору Iедалдайша Пачхьалкхан гимн а,герб а,байракх а муха ю.

Ур-аттал цуьнан кхане а, кхерамазалла а Даймохк безаран барам а цу символикашца бузуш дIахьедар дина мехкан куьйгалхочо. «Бераллехь дуьйна кхио беза Даймахке безам. Иза хуьлийла дац гимн а ца хууш.Ишколашкахь дешаран кIира дIадоло деза массара а гимн аларца…»,-боху Кадыров Рамзана.Цо кхеторехь Iедалан балхахь мел волчунна,хьаькамашна а,маьхькIамхошна а муххале а ца хуийла дац Пачхьалкхан гимн.Иза тешна ву и кхачамбацар сихонца дIадаккха дезаш ду аьлла.

Мехкан куьйгалхочуьнан лаам дахаре берзош ишколашкахь а,кхечу доьшийлашкахь Iамо йолийна Кадыров воккханиг автор волу Нохчийчоьнан гимн.»Харцоно цIе тесна хийла хьо ягарх,-боху цуьнан хьалхарчу беа могIанехь,- Нохчийчоь ца йоьжна,гIаьттина яха…Кавказан ткъес хилла, маршонан ага. Хьан лаьтта сий дина яхь йолчу наха».

Цхьаболчара беламе.челакха хIума лору бертахь а,бертаза а Оьрсийчоьнан а тIехь гимн Iамаяр бахархошна тIедожадар,кхечара иза Iамийча галдала хIумма а дац боху ,дика хилахь бен. Иштачех ю Соьлжа-гIалара хьалхарчу классийн хьехархо Медент.

«Тамаш бан хIума дац гимн Iамаяр. Хьалха Советан Iедал долуш ишколашкахь юьхьанцара классашкахь дуьйна Iамош яр-кх гимн.Муьлхха а даздаршкахь олуш а яра иза.Соьга хаьттича цхьа ницкъаша лело дезаш хIума а дац из,лаахь а ца лаахь Iамае бохуш. Нохчий бераш цхьанхьа къийсадаларшка дахча хьала ца гIевттина боху. Цигарана юьхьарлаьцна боху хIинца шо чекхдолучу хенахь и гимн»

И гимн цахаар бен ледарло йоцуш нисделла делара кхузара дахар боху цхьаболчара.Оьшург бен хIума доцуш дIадоьчу Iар-дахарехь и гимн хааро тодан кIадда а дац бохучех ву гIишлошьярхо Вахийта.

«Iазмора ца хета суна-м и гимн Iамор хьалхадаккха деза аьлла.Кху даймахкао шега безам боьду агIо лело еза аьлла хета-кх…Гимнал хьалха дукха дара дан дезаш Iар-дахарехь.Эна юккъехула гимн Iиттарх гIуллакх хир мА дац.нахана сискал яа меттиг а.Iарца цхьа нийсо а,бакъо а йолуш дахар тодан деза-кх.Болх-некъ а боцуш цIийзачу дагца юккъехула гимн Iамо хьенан дог догIу. Са-м ца догIу иза нахехь хIуъу а делахь а.»

Нахана хетарг мухха делахь а махкахь бегашена а доцуш Iамо йолийна Оьрсийчоьнан а,Нохчийчоьнан а гимнаш. Цу декъехь Iедалан белхашкахь болчу хьаькамийн а,маьхькIамхойн а кхиамаш муха бу алла хала ду,бакъду ишколашкахь а,кхечу доьшийлашкахь а хаъал стамделла гимн хуучийн могIарш. Делахь а цуьнца цхьаьна совдаьллий те церан Даймохк безар а,цуьнга шовкъ-марзо латтар а? Цунна жоп дала хала ду.
XS
SM
MD
LG