ТIекхочийла долу линкаш

Тазиев Iелина тIехь кхел йолийна Ростовехь


ГIалгIайчохь а, цунна гонаха а яккхий теракташ ярна лаьцначу, тIемало хиллачу Тазиев Iелина тIехь кхел йолийна тахана Дон тIерачу Ростовехь.
ГIалгIайчура Лакхарчу Кхелехь дIаяьхьа езаш яра и кхел. Амма Къилбаседа Кавказан гонан кхелан зорбан-секретаро Катькало Аленас ма-аллара, тешашна а, кхелахошна а боккъалла кхерам бу аьлла, Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин дехарца Ростовехь дIахьур ю.

Тазиев тIех кхераме а лерина, цкъа а ца хиллачу кепара кхерамазалла ларъяр чIагIдина Къилбаседа-Кавказан кхелехь. Лаьцчхьана дуьйна иза латтийначу Лефортово набахтера ши кIира хьалха вигина иза Востов-гIала.

Тазиеван гIуллакх 4 бIе томах лаьтташ ду. Эзар стаг ву зе хилла лоруш. Официала хьесапехь ондда тоьшаллийн бух а, 200 теш а воллушехь, Оьрсийчоьнан Бехк-Такхаман кодексера 15 еза артикл кховдийначу Тазиевс шинагехула бен ша бехке ца лерина. Низамехь йоцу герзан тоба вовшахтохарехь а, низам дохош герз эцарехь а, шегахь латторехь а. Кхелан хIусамехь шега кховдийна важа бехкаш а керстадира Тазиевс.

Иштта, ша вахьабхо ву алар а нийса ца лерира цо.
XS
SM
MD
LG