ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Samsung Electronics: 2020-гIа шо тIекхачале 5G олу, 5-гIачу чкъуран керла технологи маркете ер ю


Samsung Electronics компанино дIахьедар дина, 5G олучу, пхиалгIачу чкъуран мобилан зIенан технологи кхиамца зийна ша, аьлла. ЧIагIдарехь, 4G зIенал маситта бIоьзза сиха дIайохуьйту цо информци.

Компанино тахана динчу дIахьедаро бахарехь, цхьана гигабайтал сов терахьаш цхьана секундехь дIакхачаделла ши чаккхарма гена. Къилба Корейн Самсунг компанин инженершна хетарехь, 5G мобилан телефоно аьтто бийр бу тIех цIена видео яккха а, йоккхуш лаьтташехь, нийсса цхьана секундехь дIахьажо а, кинош юза а, цаьрга хьажа а. 2020-гIа шо тIекхачале керла технологи маркете ерг хиларх догдохуш ю компани.

Сирера хьал дуьйцур ду тахана КIайчу ЦIийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака а, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида а. Шина лидеро буьйцур бу, карабогIучу Мангал баттахь Къилбаседа Ирландехь дIахьун йолчу «Йоккха бархIаннен» саммитана беш болу кечам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG