Сирера хьал дуьйцур ду тахана КIайчу ЦIийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака а, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида а. Шина лидеро буьйцур бу, карабогIучу Мангал баттахь Къилбаседа Ирландехь дIахьун йолчу «Йоккха бархIаннен» саммитана беш болу кечам а.