ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун мах бу "Роснефто" Нохчийчохь "юьллучу" маьхкдаьтта чекхдоккхучу заводан?


Оьрсийчоьнан Путин Владимир Роснефтан инарла директорца Сечин Игорца, Ново-Огарево резиденцехь, 22ГIа2012
Оьрсийчоьнан Путин Владимир Роснефтан инарла директорца Сечин Игорца, Ново-Огарево резиденцехь, 22ГIа2012

Нохчийчохь, мехкдаьтта чекхадаккхаран завод елла сацам тIеэцна "Роснефть" компанино. Цунна дуьхьал хIинцале гIовгIа яьлла Оьрсийчохь, «Нохчийчоь кхаба кIордийна», бохуш. Гарехь, «Роснефто» боккъал а доккхучу маьхкдаьттан барам а, республикано Оьрсийчоьнна луш йолу ял а, гIараяккха хан тоххара тIехъяьлла аьлла хеташ бу говзанчаш.

Дуьххьара аьлла дацара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, «Роснефть» компанино, дIаузучу мехкдаьттан меттана доьхьала хIумма а луш яц, аьлла. Республикехь ур-аттала ял а яц, цо луш. Цул совнах, Совета заманахь буру тоьханчу метигашкара, кхиерш лохуш талламаш а ца беш, доккхуш ду «Роснефтьс» нохчийн мехкдаьтта. Кхана-лама, цигара иза дIадалахь, тIаккха, йоккха харж а еш, лаха дезара ду.

ХIинцалца, нохчийн Iедалша бохучуьнна къора хиллехь а, тахана, гарехь, «Роснефть» компанийна лергара пот дIаяьлчух тера ду. ХIокху деношкахь, цо тIелаьцна, Нохчийчохь мехкдаьтта чекхдаккхаран завод елла сацам. Шарахь цхьа миллион тонн иза чекхадаккхалура долуш, ницкъ а хира бу боху цуьнан. Завод еллар, шина декъе декъалура ду, ткъа, ша дерг, иза еш дера ду 2 миллиард ах миллиард доллар.

Роснефто маьхкдаьтта чохь дIадиллина латтон черманаш Приводинера терминалехь, 29Сти2007
Роснефто маьхкдаьтта чохь дIадиллина латтон черманаш Приводинера терминалехь, 29Сти2007
Тахана официала хаамашкахь, Нохчийчохь доккхуш ду, цхьа миллион тонн мехкдаьтта. Амма, и терахь, гIеххь кIезгадина ду, аьлла хета, цхьаболчу тергамхошна. Царах ву, масла, политолог Кутаев Руслан. Шегахь долчу тоьшалшца, Нохчийчохь схьадоккхуш, мел лаххара а 5 миллион тонн мехкдаьтта ду, элира цо.

Кутаев Руслан: "Нохчийочхь, оцу мехкдаьттадаккхаран тIегIан тIехь болх бечу наха дийцарехь, пхиъ ах, ялх миллион тонн мехкдаьтта доккхуш ду. Официала хаамашкахь, цхьамиллион ах миллион бен дац. Цуьнах, ян луш ял а яц. И мехкдаьтта махкахь дуьсуш хилча, кхузахь бехачу нахана боккха пайда хира бара».

Оьрсийчохь националисташ, Нохчийчоьнна доьхьала айина йолу компании а гIехь жигараяьлла, «Роснефтьс», махкахь и завод йоьллура ю аьлла хаам баржийча. Миллиардашкахь долларш, дайа меттигаш йоцуш яц Оьрсийчоь, боху цара. Оцу хIуманна реза вац, историйн Iилманан академик Ахмадов Явус. Нохчийчу дахьаш долу ахча нийса доьхьала дIало республико, элира цо Маршо радиога вистхуьлуш.

Ахмадов Явус: «Роснефть» пачхаьлкхан компании ю. Цо Нохчийчохь доккху мехкдаьтта дIадухку. Лаьрча, иза 40 тIера, 60 миллиард соьме кхочуш ахча ду иза. Ткъа, вай бюджете кхочу ахчан шарахь барам бу 50-60 миллиард сом. Иза массу а хIуманна дойу ахча ду. Мехкдаьтта доьхкина ахча ша ма дарра догIуш дац юха вай махка. И ахча юхадарах, инзара вала оьшуш а, ян питана даржо оьшуш хIума ма дац».

Къилбаседа Кавказерачу цхьанна а республико гул ца еш йолу ял гулъйо Нохчийчоьно хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Юха, цул совнах, кхечу тIегIан тIехь а болу пайда бу Нохчийчоьнах. Иза ша дерг дуьйцуш а, дIахьедарш деш а хила дезара, аьлла хета Iилманчин Ахмадов Явусан.

Ахмадов Явус: « Вайн республикехь, шарахь гулъеш 10 миллиард сом ца кхоччуш ял ю. Кхечу, цхьанна а, республикехь яц иза. Кхиъ цхьацца са йолу хIума а ду вай. ДIагойтуш дац вайи за.
Суна хетарехь, вай Iедалша, ян парламенто а дIахьедарш дант дезаш дара, оха дойу ахча оццула ду, тхуна луш дерг оццула ду, аьлла. ТIаккха, цхьаберш соцура а бара, ца кхеташ берш совцура бара, хIунда аьлча, низамо бакъо ло, каьмнийн барт бохош берш совцо».

Нохчийчохь мехкдаьтта чекхадаккхаран завод еллар, иза политикан гIулч хилар гуш ду, башха леррина ца хаьжча а. Цхьабочлу эксперташ тидам барехь, тIех сов лакхабаьккхина, оцу ен йолчу заводехь мехкдаьтта чекхадаккхаран мах. Иза хIутту, завод яр бера болчу мехах. Ша дерг дIалерича, оцу заводехь цхьа барелль мехкдаьтта чекхадаккхаран мах 344 доллар дера ду,ткъа, масла дукха хан йоцуш оццу «Роснефть» компанийно эцна Европехь, баррель мехкдаьтта чекхадаккхаран 20-25 доллар мах болу завод.

Оцу компанийн хьалхалера куьйгалхо коьртехь волчу хенахь, 17 миллард соьмах ян лерина яра Нохчийчохь мехкдаьтта чекхадаккхаран завод. Амма, хIинцалерачуьнна мах бу 78 миллиард сом сов, ян 2 миллиард ах миллиард доллар. Мича бух тIера, хIунда хийцаделла и мехаш, хууш дац, ян схьахетарехь хIинца хуура а дац. Цхьана хIуманна тIехь, шеко яц нохчийн юккъараллехь. Кхана-лама, цхьа талламаш а болийна, хIёума дича, ахча лачкъи йна аьлла, ша дерг нохчашна тIетоттур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG