ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн къайлахчу сервисан белхахочух шайн шпион ван гIортарна бехке вина Москохо Iамеркан дипломат


Оьрсийчура официала хаамашца, шинарин буса, Стигалкъекъа беттан 14-чу дийнахь Москох лаьцна, оьрсийн къайлахчу сервисан белхахо шайна болх байта гIоьртина Iамеркера Коьртачу Талламан Урхаллин белхахо.

Оьрсийчоьнан Федералан Кхерамазаллин Сервисан зорбанца уьйр латточу урхалло дийцарехь, лаьцна волу Фогл Райан Кристофер Iамеркан векалаллера политикан декъехь кхоалгIа секретаран даржехь ву. Иза лоцуш карийна боху, леррина техникан гIирс а, шпионна болх бан хьехамаш тIехь долу документ а, шортта ахча а, юьхь-сибат хийца гIирс а.

Оьрсийн Федералан Кхерамазаллин сервисе а вигина, лерринчу процедурех чекхваьккхинчул тIаьхьа, Крситофер Iамеркан векалаллин векалшка дIавелла боху оьрсийн агIоно.
XS
SM
MD
LG