ТIекхочийла долу линкаш

3 гуьржийн эскархо вийна ОвхIан-пачхьалкхан къилбехь


ОвхIан-пачхьалкхан къилбехь тIемалоша динчу тIелатарехь велла кхо гуьржийн эскархо. И аьлла Тбилисехь хаам бина гуьржийн тIеман министро Аласания Ираклийс.

Цо бахарехь, гуьржийн эскархойн 42-чу дивизино туп тоьхначу Гильменд провинцерчу базина тIелатар дина хилла овхIанера тIемалоша. Аласанияс билгалдаьккхира, тIелатар динарш массо а байина хилар.

2009-чу шарахь дуьйна НАТОца цхьаьна ОвхIан-пачхьалкхехь дIахьучу операцехь дакъа лоцуш бу гуьржийн эскархой. ХIокху деа шарахь 22 гуьржийн салти вийна цигахь.
XS
SM
MD
LG