ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дуьйцу, барт ца карабо


Оьрсийн президента Путин Владимира а, Израилан премьер-министро Нетаньяху Беньямина а Шемара хьал дуьйцуш, дагадовларш дIадаьхира Сочехь. Цул тIаьхьа журналисташна хьалха вистхиллачу Путина дуьненара пачхьалкашка кхайкхам бира, Шемара хьал кхин а талхор долу хIумма а ма де, аьлла.

Оцу юкъанна, Малхбузехь мелхо а жигара дуьйцуш ду, Асад Башаран эскарна дуьхьал тийсалучу Шемарчу гIаттамхошна герз дала деза боху къамел.
Дийцарехь, Оьрсийчоь а ю Асдан режимана «латта-хIаваъ» системин S-300 ракеташ йохка Iалашо йолуш.

Шина шарахь сов дахделлачу девнехь эзарнаш шемахой белла.
XS
SM
MD
LG