ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан дипломат «персона-нон-грата» кхайкхийна Москохо


Iамеркан дипломат оьрсийн къайлахчу сервисан эпсар шайна болх байта гIортарна Iамеркина протест кхайкхийна Оьрсийчоьно. Цуьнца йоьзна нота тахана Оьрсийчура Iамеркан векале Макфолл Майкле елла тахана оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Макфола цхьана кепара комментари ца йо хиллачунна.
Цул а хьалха, Iамеркера Коьртачу Талламан Урхаллин белхахо,Оьрсийчура Iамеркан векалаллехь кхолагIа секретар хилла волу Фогл Райан Кристофер «персона-нон-грата» кхайкхийна Москохо.

Оьрсийчура официала хаамашца, Стигалкъекъа беттан 14-чу дийнахь Москох лаьцнера, Кристофер. Иза лоцуш карийна боху, леррина техникан гIирс а, шпионна болх бан хьехамаш болу документ а, шортта ахча а, юьхь-сибат хийца гIирс а.

Нохчаша дина боху, Бостонехь лелхийтарш хиллачул тIаьхьа, Вошингтоно а, Москохо а къайлахчу сервисийн цхьанабелхаш жигара баха сацам бан беза бохуш лаьтташехь хилла ду, Iамеркан диломат лацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG