ТIекхочийла долу линкаш

Арктикин Iалам-бахам бийцира Швецера Кирунехь


Iалам хийцадалар а, Арктикех пайда оьцу жигаралла а йийца, Швецерчу Кирунехь цхьаьнакхетта 8 Арктикин къаьмнийн арахьарчу гIуллакхийн министрш. 1996-чу шарахь кхоьллина ю Оьрсийчоьнах, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатех, Канадех, Норвегех, Данех, Исландех, Швецех, Финляндех а лаьтташ йолу кхеташо. Цуьнан Iалашо ю экаме Арктикин Iалам лардар а, девнех иза ларъяр а.

Меттигера гуттаренна йолу ялх тоба ю цигахь тIехьажаран белхаш беш. Кхаарин дийнахь хиллачу цхьанакхетарехь, кхеташо реза хилира, Китай, Япони, Инди, Итали, Къилба Корей, Сингапур а гуттаренна болу тIехьажархой эца. Министрша иштта чIагIбира, маьхкадаьтта ца Iеноран а, иза декъаран а барт.
Говзанчийн хьесапехь, хIокху дуьнентIера таллаза дисина 13 процент маьхкдаьтта а, 30 процент газ а ю Арктикехь.
XS
SM
MD
LG