ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара Трибунало толлур ду, Израило Газа асане йоьдуш хилла "Машаран флотили" лацар


2010-чу шарахь Газа асане йоьдуш хилла дуьненаюкъара «Машаран флотили» Израило лацар талла дагахь ю ХIаагера Дуьненаюкъара Трибунал. Израилерчу леррина ницкъаша хин-кема дIалоцуш хенахь 9 Туркойчоьнан вахархо веллера.

Дуьненаюкъара Трибуналан прокуроро бахарехь, флотилера цхьа хинкема хьесапе эцна хиллачу Комор-гIайренашна тIера мукIарло деза.
Туркойчуьра палестинахойх дог лозуш болу туркой байъаро шелъйира Туркойчоьнан, Израилан юкъаметтигаш.

Газехь блокада кхин дIа а латтон Iалашонца, Израило эскар Газина чудигар, 2011-чу шарахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино зорбане даьккхинчу рапорто ма-аллара, «тIех яьккхина гIулч яра».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG