ТIекхочийла долу линкаш

Жижиг шортта, ялта деза ду Нохчийчохь


Нохчийчура Теркйист кIоштехь дорах жижиг ду, 15Сти2013.

Нохчийчура Теркйист кIоштехь дорах жижиг ду, 15Сти2013.

Бежанаш кхобуш, юха церан жижиг духкучу хасапхошна доккху зе хуьлуш ду Нохчийчохь. Iаьнах даьхначу бежнашна, бIаьстенан юьххьехь оьцу яахIума еза ю. ГIуллакх ишта дIадодахь, цкъачунна дайделла жижиг, тIаьхьа чIогIа дазлур ду. И жима бизнес лело гIертачу нахаца къамел а дина, хIара материал яийтина Хасимиков Iусмана

Нохчийчохь жижиган мехаш тайп-тайпанчу кIошташкахь туьма а,ши туьма а башхалла йолуш ду.Даима а бохург санна мелла а механа дай хуьлу дилха Теркйист кIоштехь.Тахана цигахь бежанан жижиган кийланах 22 туьма доьху,ткъа уьстагIчух 25 туьма.

Теркан аьрро бердаца Iуьллучу, даьхний кхобу кIошт аьлла цIе яхана йолчу, Шелковск кIоштехь уьстагIан жижиган мах 300 сом бу, ткъа бежанчух 23-24 туьма доккху. Кхин дорах дац бежана жижиг масала, Шелан а, Гуьмс а, Хьалха-Мартанан а, Ножай-юьртан а кхечу а кIошташкахь а.

Оьцуш болчарна кхаъ а хуьлуш,кху муьрехь,кхин тIе а дайделла жижиг Теркйист кIоштан цхьаццайолчу меттигашкахь.Масала Ломаз-юьртахь 200 соьмах дилха духку ши кIира а сов хан ю.Iелин-юьртахь хаспаш дойучарех цхьаболчара мах охьабаьккхина,кхечара ца баьккхина. Мах охьабалар дика хIума а ду,мисхачу нахана цунах доккха гIо а хир ду аьлла хета цхьаболчарна.Царах къа а хетта,бусалбан дог кийрахь долчо жижиган мах охьабаьккхина лоручех ву Теркйист кIоштера вахархо ИбрахIим.

«Бусалбан дог-ойла йолчу мах охьабаьккхина.нахера 18 туьманах ша жижиг схьаоьцуш хилча, кийлана тIе ши туьма даьлча тоьур ду аьлла,мискачу нехан аьтто беш лахабаьккхина мах»

Ткъа шо сов зама ю Iелин –юьртара Майрбек хаспаш дойуш волу. Жижиган мах ша 10% лахбар цо ишта кхетадо.

«18 туьманах схьаоьцуш хилча 4 туьма муха доккхур ду тIе аьлла охьабаьккхина ас-м,нахах эхь а хетта. Нахехь Iаламат дукха ю ярстийна бежнаш, цара дан хIума дойцуш йорах дIаюхку, цундела охьабаьлла аьлла хетта суна-м мах».

Жижиган механ тIера 2 туьма дайанчех ву Ломаз- юьртара хаспахо Висхан.Цо дийцарехь даьхний кхобучу бахархоша-долахоша шаьш,урамашна юьххье а буьйлуш, 200 соьмах жижиг дохкар бахьнехь охьабаккха дезна цуьнан мах.

Жижиг дохкарх болх-некъ бина лелачарна дилха 200 соьмах дохкарх хуьлуш зе дац. Стенна аьлчи тIаккха цара долахошкара 18 туьманах схьаоьцу дела жижиг. Ма-дарра аьлчи, бегашена а доцуш, эшам хуьлуш берш даьхний кхобуш, дурстош болу долахой бу. 22 туьма жижиг мах болуш, цара 20 туьманах дIалуш дара жижиг, ткъа хIинца, царна оццу жижиган кийланах кхочуш дерг 18 туьма бен дац.

Охьадевлла мехаш дукха лаьттар дуй те аьлла хаьттича, бахархоша луш долу жоьпаш цхьаьнадогIуш дара.Цара кхеторехь цхьана ханний бен лахбаьлла бац жижиган мах.

220 соьмах жижиг духкуш болчех бу хIинца соьца къамел деш болу,ас цIарца ца буьйцу Iелин юьртара хаспахой. Царна гергахь,кхане йоцуш, чекхдала тарлуш доцу Iовдал хIума ду 200 соьмах жижиг дохкар. Ялтийн мах ша болччехь а лаьтташ,жижиг дайлойла а дац боху цара.

Маршо радио:Кхузахь жижиган мах хIун бу?

«220 сом бу-кх.Ахь 18 туьманах тхуна бежана схьалахь 200 сом а хир бу-кх.Массо меттехь 22 туьма бу жижиган мах. Юкъаметтера и ши-кхо меттиг яьлла-кх 200соьмах жижиг духкуш. Кхана юха а тIекхетар мА буи за. Даьхний кхобучарна дика хIума мА дац иза. Бежний ца кхабахь хIун хир ду?»

Вайнаха ма-аллара аьлчи, даьхний кхабарх болх-некъ бина лелачарна «пIелг буллуш», зене доьрзуш хIума ду шина туьманна жижиг дайдалар.Цхьаболчара кхетореххьа-м иза кхана-лама Iаламат зуламе дерза тарлуш хIума а ду нохчашна.Стенна аьлчи боху цара,цIе моха а белла эцна хIоъ а баош, цу мехах жижиг дохкар долахошна пайдехьа дац.Цара даьхний кхабар сацадахь жижиган къоьлла хIотта а сахьт дац.ТIаккха мах тIурнене ирхбаха тарло бохуш саготта бу цхьаберш. Герггарчу барамехь ишта хьажам болчех ву Ломаз юьртара 60 шо долу Хизар цIе йолу вахархо а.

«Сан сайн ярстийна бежана ю.ХIинца болчу мехаца и йохкахь суна юьсуш хIума а яц.Дукха адам ду-кх ша-ша кхин бежний кхобур дац бохуш.массо хIума язлуш ю ткъа жижиган мах охьабаьккхина.Цхьаъ ву моьтту суна хIуьттаренна санна араваьлла. Цхьаммо леррина лелош ца хилча ишта хIума дойла а мА яц…Ас итт эзар а делла эцнера Iай цхьа тонна жарж.Кхана –лама ялта хьокху хан йоллушехь хIинца а эцна бархI-исс сом кийланах а луш. ТIаккха суна хIун пайда хуьлу? Дош мА дац I8 туьманах жижиг дIадала деза бохург »

Маршо радио: Хьуна хетарехь кхана-лама ишта дIадодахь эца жижиг а хир дац-кх?

«Цу тIе дало гIерташ бу-кх цхьаберш.ТIаккха эца жижиг а хир мА дац. Вон-дика листа жижиг ца хилча долий.Цхьаммо и лелош ца хилча цу кепара нах хьийзор мА бац. Суна вевзачу цхьамма зуда ялинчу метте I8 туьманах жижиг дIаделла-кх.Шена-м ца хили цунах пайда боху-кх цо соьга.Кхаба маьIна дац-кх!Са-м дац иза.Хь...


Дац иза. Хьайн пенси тIе а дуьллуш, нахана жижиг даийна вер вуй хьо? Кхобуш хьоьга къа-м дийца а ца дуьйцу,хIоана.докъарна даьлларг меттахIуттуш ца хилча,эрна къахьегар дац иза?»

Теркйист кIоштехь цхьаццанхьа жижиган мах охьабаьлла хазахеттарш кIезиг цахиларе терра коьртах а даьлла дийцаре деш ду дайделла жижиг. Бакъдерг дийцича хIумма а кIезиг бац цу хиламо даьхний дурстош болчеран могIанаш хаъал лилха а даьхна,бакълена а жижиган къоьлла а хIоьттина,цуьнан мах лакхабаларна кхоьруш берш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG