ТIекхочийла долу линкаш

Вуьзначо лакха еза гимн...


Нохчийчоь - Францера лакхарчу йолах Оьрсийчу ведда волу актер Депардьё Жерар КАдыров Рамзан волчехь хьашолгIахь ву, Соьлж-гIала 25Чил2013

Нохчийчоь - Францера лакхарчу йолах Оьрсийчу ведда волу актер Депардьё Жерар КАдыров Рамзан волчехь хьашолгIахь ву, Соьлж-гIала 25Чил2013

Нохчийчура бахархошна я оьрсийн, я нохчийн гимн ца хаьа аьлла, пачхьакхан симболш ца евза аьлла, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан бага гIаттийна а валале, уьш Iамор тIедожийна доьшуш, балхахь а мел волчунна. ХIинцале школашкахула комиссеш чекх евлла, бераш зуьйш.

Iедалан массо хьукхмат-урхаллийн хьаькамашна тIедожийна ду Оьрсийчоьнан а,Нохчийчоьнан а гимнаш дагахь хаа еза аьлла.Цу декъехь къаьсттина урхаллехь болчара тидаме эцна тIекхуьучу чкъуран кхетам лакхабаккхар.

Ишколашкахь гимнаш Iамаяр тIедиллина 3-4 де бен дацахь а хIинцале маьхькIамхоша уьш мел Iамийна толлуш зераш дIадолийна.Дешаран а, Iилманан а министараллин векалша Новр а, Теркйист а кIошташкахь масала, хIора а класс чу а боьлхуш дешархошка дагахь схьайийцийтина гимнаш. Бераша хьовх, бала кхочурш а хилла, тахана дай-наноша а, хьехархошка хеттаре а буьйлуш, йийцаре еш ю и гимнаш. Ас хIинцца далош долу къамел ларамаза дIаяздина а, могIарерчу яхархочунна а, ишколан хьехархочунна а юкъахь нисделла а ду.

Хьехархочо дийцарехь, Оьрсийчоьнан гимн аттахо кхета а ло, Iама а йо вайнехан бераша. "Башламан лаьмнашкахь дай синош дуьссу" бохучу могIанан маьIнах уьтталгIачу классан дешархой кхето гIерташ дукха хан яйира ша бохура хьехархочо.Уьш кхета ца туьгуш, вуно чIогIа халонга даьлла хилла, цо дийцарехь, кхиазхошна гимн тIера хIара дешнаш а: "Машаран гIароллехь ирсан некъ тайна,Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна."

Хьалха хьахаделла ма хиллара могIарерчу нохчашка а, я хьехархошка шайга а цхьатерра кхеталуш дац лаахь а,ца лаахь а аьлла гимнаш Iамаяр ницкъала тIедожор.И тIедиллар лартIа ца хетачех.кхета ца лучех ю Соьлжа-гIалин кIоштера лахарчу классийн хьехархо Седа а.

Оьрсийчоьнан а,Нохчийчоьнан а гимнаш Iамаяр тIехь доцчу,цхьанхьа балхахь боцчу цхьаболчу могIарерчу бахархошна хетарехь гIуллакхехь болу нах сийсазбеш,лахбеш санна нисло и гимнаш бахьнехь телевизионехь гойтуш дерг а: гимнаш ца хуучаьрга доху бехкашший,и Iамо хан лахьара бохуш цара деш долу дехаршший.

Хьехархоша дийцарехь гимнаш Iамаяр хьокъехь ишколашка зераш дан баьхкина хьаькамаш царех тоам бина ца Iийна. Ант даккха санна хеттарш дина цара дешархошка Пачхьалкхан символш хьокъехь а,байракхаш тIехь лепачу беснаша хIун билгалдоккху боху хеттарш далар биста кхаччалц

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG