ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара коьрта кинойн фестивал йолаелла Каннашкахь


ХIокху дуьненахь уггар йокхачех йолу кинойн фестивал йолаелла Францера Каннашкахь. Иза схайиллира, Iамеркан яздархочо Фицджералд Скоттан романа бух тIехь яьккхинчу «Вокка Гэтсби» киноца. Кино яьккхинарг ву режиссер Лурман Бааз. Коьрта дакъа ловзийна цу кинохь ди Каприо Леонарда.

12 дийнахь бIеннаш кинош гойтур ю. Итт пачхьалкхера ткъа кино хир ю коьрта совгIат къовсуш – Дашо палмин га.

Фестивалан жюрин коьртехь Спилберг Стивен ву. Церемони дIахьуш ю Францера актриса Одри Тату.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG