ТIекхочийла долу линкаш

"Меркелна канцлер хlотта гlо динарг Москох ю," тов


Оьрсийчоь-- Оьрсийн-Немцойн форумехь йистхуьлуш ю Германин канцлер Меркел Ангела, Москох, Крем, 16Лах2012

Оьрсийчоь-- Оьрсийн-Немцойн форумехь йистхуьлуш ю Германин канцлер Меркел Ангела, Москох, Крем, 16Лах2012

Меркель Ангелин хьалхара дахар“ цIе йолуш киншка араяьлла Германехь. Цуьнан авторша дийцарехь, немцойн канцлер Германи вовшахкхетале коммунистийн хьежамаш болуш хилла, ткъа цуьнан канцлер хIотта кадалар Москохарчу къайлахчу сервисийн гIоьнца нисделла ду.


Тептарана автор шиъ ву, „Билд“ газетин журналист Лахман Гюнтерий, „Ди Вельт“ газетин белхахо Георг Ральфий. Ткъа и киншка араяла а кхиале а цунна гонахьа яьржина хилла йолу къайлене IалагIож тера яра, оцу таблоид ларалучу „Билд“ газетехь цхьа хIу ду а ца хуу, пайдабоцу хIума схьа а оьций, цунна цхьа йоккха, гIовгIане цIе а туьллий, „Татин гота“ цунах ечу амалх тера.

ХIунда аьлча шинари динахь араяьлла йолу Меркель Ангелин биографи ешархошка дIакхачале хьалха цуьнан авторша а, цара болх бечу хаамийн гIирсаша а вуно чIогIа къахьийгира, юкъараллехь шайн балхаца бала кхачийта а, цу чохь шаьш инзаре яккхий Меркелан къайленаш гучуяьхна аьлла хетийта а, ткъа коьртаниг – и дерриге а бахьана долуш нахе шайн киншка дIаэцийта а.

Амма хIинцале а критикаша „хIуммаъ доцучух эккхийтина йоккха гIовгIа“ аьлла цIе тиллинчу тептаран авторша сенсаци хила догIучу хIумнашна нундохуш яздахь а, амма кхин цхьа а хIара ду аьлла тоьшалла ца даладо шаьш дуьйцучунна. Цунна метта цара массарна а ишттаъ-вуьштаъ хууш дерг юх-юха а луьсту.

Масала, ша жима йолуш, Малхбалерчу Германехь ишколехь доьшуш йолчу хенахь Меркель цигарчу „Немцойн маьршачу кегирхойн цхьанакхетараллин“, аьлча а Советан пачхьалкхехь хиллачу комсомолан тайпа юкъараллин декъашхо хилла бохуш, яздо. И бохург авторша лору, Меркель коммунистийн хьежамаш боькъуш хилла бохучун тоьшалла.

Бакъду, шен дахаран и дакъа немцойн канцлеро ша цкъа а лачкъийна а дацара- жимчохь дуьйна Iилман болх бан сатессина хилла йолчу цуьнан цхьа а догйовхо хуьлийла дацара, цкъа а шен дахарехь Iилман диссертаци язъян, нагахь санна иза хIетахьлерачу немцойн „комсомоле“ ца яьлча. ТIехула тIе диссиденталлин хIу шеца хиллачу хIетахьлерачу мозгIаран йоI иза хилар тидаме эцча-м муххале а.

Германи вовшахкхеттачул тIаьха Меркель Ангелин политикан некъ а кIирбеллачу тидамца теллина тептаран авторша. Цара юхьарлаьцнера Берлинан пен боьжначул тIаьхьа Меркелс шен накъосташца кхоьллина хилла болу „Демократин тулгIе“ цIе йолу политикан болам.

И болам кхоьллинарш Эрих Хоннекеран режиман оппозицехь хилла болу мозгIарш а, церан гергара нах а бара. Жимма хан яьллачу тIаьхьа гучуделира боламан куьйгалхо Шнур Вольфганг немцойн Штази къайлахчу сервисан моттбетташ хиллийла. Ткъа Штази, хууш ма-хиллара, Москохарчу Пачхалкхан кхерамазаллин комитетан жимахволу ваша санна хьукмат хилла.

Цунах бахьана а дина, Меркель цу стагца цхьана болх беш хилла хиларна, иза а, олуш ма-хиллара, цIена яц, ткъа цуьнан карьерина гIодинарг Москохан деха куьг хила дезаш ду, бохург ду киншкан авторша ешархочунна хьалхатуьттуш дург. Бакъду, и тайпанчу шеконашна хIинцалца схьа Меркелан биографиш толлуш хиллачу тергамхошна цхьа а мискъахараталла бахьана карийна дац.

Кхин цхьаъ, меллаъ беламе ларабогIучех, бехк бу шайн киншка бестселлер хиларе сатуьйсуш волчу шина журналиста Меркельна хьалха тоьттуш. Цара карладоккху, ишколехь доьшучу хенахь оьрсийн маттах йолчу Олимпиадехь дакъалацархьама Меркель Советан пачхьалкхе яхана хилар.

ХIетахь, Гуьржехула ша шен накъосташца некъаш деш, иза яхнера Сталин винчу гIала Гори. Иза къайлаха сталинист хиларан тоьшалла лору авторша и хилам.
XS
SM
MD
LG