ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьзда боцчу нахана" нитташ биттина Тбилисехь


Гуьржийчохь дуьххьара дIаяьхьа леринчу гей-парадах ца кхийтира Тбилисера керста нах. Цу парадана новкъарло ян арабевллечу наха гейшна а, лесбиянкашна буй-тIара а деш, нитташ биттира. Ур-атталла, полици а лара ца елира, эргIадбаханчу нахаца. Чевнаш хилла 20 гергга нахана.

Юьхьанцара, «Башха хилар» цIе йолу гейшна, лесбиянкашна гIортор еш йолу организаци, делкъал тIаьхьа сахьт даьлча и парад гуьржийн парламентана хьалха дIаяхьа дагахь яра. Амма иза йолаялале, «оьздангалла ларъярехьа» болу нах гулбеллера цигахь. Царна юкъахь динан дай а бара, шайца, вевзаш волу Мкалавишвили Басил а. Йегован тешашна дуьхьал тийсаваларна чувоьллина латтийна иза.

Цуьнгахь а, цуьнца гулбеллачаргахь а нитташ бара, оьзда боцу нах дIасалахка беана. Баьхкинчу нахана баркалла элира цо, «гомосексуалисташна доьхьал ниттийн революци йоккхур ю вай», аьлла.

Тахханехь, юкъараллехь талламаш бечу «Левада-Центро» хааме даьхна, шаьш оцу хаттарехула динчу хеттарийн жамIаш. Царца а догIуш, Оьрсийчура юкъараллехь цу тайпа нахана тоха собар дац. Хьалха динчу хеттаршкахь санна хIинца а, дукхах болчара аьлла, уьш оьзда боцу а, коьрта телхина а нах бу. 12 процент нахана бен ца хета, гомосексуалистийн кхечу нехан санна бакъонаш хила еза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG