ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална визит - бахархошна хьовзам


Нохчийчоь -- Кадыров Ахьматан цIе а луш, Теркана тIехула тиллина керла тIай схьадоьллуш гулбина кегий нах, 06ГIу2012
Нохчийчоь -- Кадыров Ахьматан цIе а луш, Теркана тIехула тиллина керла тIай схьадоьллуш гулбина кегий нах, 06ГIу2012

Кадыровс урхалла деш долу Iедал цхьана эвла я гIала кхачар, боккха бала хуьлу меттигерчу бахархошна. Дийнна де дов церан, Iедал схьакхачале а, иза дIадахале, баха безаче ца кхачалуш. Ша тIехь урхалла латточу бахархойх оццул чIогIа хIунда ларло Нохчийчура Iедал

Iедална коьртехь берш юьрта баьхкича,чу-ара стаг а ца волуьйтуш ,юрт дIакъовлар могIарера гIуллакх хуьлуш лаьтта Нохчийчохь.

Мехкан куьйгалхо биста кхаччалц Iедалдай ярташка кхачар халонга долу бахархошна. Ма-дарра аьлчи, тIаккха масех сохьтана ницкъаллин структураша эвла дIа а къовлий,нах ара-чу ца бовлуьйтуш латтабо хьеший дIабаххалц.Дукхахболчу бахархошна хетарехь иза Кадыровна шена хаа а ца хууш,кхерамазалла ларйо шаьш бохуш, низамхоша шайггара лело хIумнаш ду.

Карахь болчу Стигалкъекъа-беттан 16-гIа де. Теркйист кIошт. Кхаа-деа сохьтехь туьканашкахь а, кIоштан йоккхачу базарахь а йохка-эцар сацийна, некъаш а дихкина, га тесний бен чу-ара стаг я машен а ца йолуьйтуш, къевлина латтийна кIоштан коьрта ларалуш йолу ЧIулга-юрт. Тамашийна хеталург ду, Iедалан мукъ карахь болчара цу кепара зил-дозанаш деттар дуккха а бахархоша, цхьа ишта, хила догIу хIума-бакъдерг санна, тIеоьцуш хилар.»


Цхьаболчара кхеторехь, буххера дуьйна а нийса дац, Iедалехь болчара шайна могуьйтург, ишта адамашна тIеIаткъам бар, некъаш дехкар, баха-бахка маьрша ца битар. Сан цу хьокъехь къамел нисделла, цIарца вийца со ваьхьар воцчу, цхьана кхоллараллина белхочуьнца, Iилманчица.

Иза ларамаза теш хилла, махкахь мел долу Iедал а деъна, кху беттан ялхитталгIачу дийнахь Теркйист кIоштан ЧIулга-юрт масех сохьтехь къевлина латтийча. Шена цунах хетарг а, шен бIаьргашна гинарг а дуьйцуш ву Соьлжа-гIалара Iилманча.


«ЧIулга юьрта схьакхаччалц некъ маббу низамхой бу. Цара тхо юьртах ца довлуьйтуш,юьрта юккъехула го баккха дIахьовсий.Гонаш а туьсий-туьйсий ,тхо Новр кIоштан Ищери боьдучу новкъа а довлий, некъ морзах болучу метте схьаковчу.Юха а полисхой бу лаьтташ.ЧIулга-юьрта чудуьтуш дац тхо.Циггахь цхьа машен а лаьцна хала цIа кхечир-кх со.»

Маршо радио: ЧIулга-юьрта чу-ара стагга а ца волийту бохург мел бакъ дара?

«Юьртах болу боккха некъ бац Хирийн мехкан Мазалке боьдуш болу.И бар-кх къевлина.Мехкада веъна бах.Ой милла вагIахь а нахана хьовзам а ца беш цхьа хIума а дан ца деза ала дезара цо.Адамех дешаш ца хилча Iедал дохарна кхерам бу.Iедал адамех даша деза.Советан Iедал дуьйхи,шена тIибирзина нах байина,хIаллакбина,чубоьхкина,аьтта къаьхьаде дина чIагIделла Iедал а дара иза, амма доьхна дIадели.»

Маршо радио: Халкъах оццул лечкъар ду иза.я цунах ларбалар хуьлу иза? Ахь муха кхетадо оццул Iедалдай ларбалар?.

«Валлай ца хаьа суна-м. Цу халкъана юкъахь ца бало хир бу-кх цаьрга болх. Со кхеташ вац-кх. Цу халкъах цхьа кхерам хета а хаац царна. Со кхеташ вац. Нах а бац кхеташ. Автобус тIехь дукха нах бара реза боцуш. Зударий лоь, гIуллакх делахь а, дацахь а охьабисса а гIирти тIера. Ченан кIур. Йовхо.Тов. Дуьйцуш санна дац иза-м. Ишта дера схьадеи-кх и адам. Бурко. Цу нехан бехк а ма бац .Уьш шайн цIа богIуш ма бу. Цара дина вон ма дац.

«Хьуна кхерамазалла хилийта оха хIара адам ченала а, хи чу а кхуссур ду», бохуш хила ма ца деза бухара Iедал.Милла вагIахь а нехан са мА даахь.Нах мА хьийзабехьа. Нах лаьтташ бу,ткъа Iедалдай тIехь болу машенаш «жов,жов» бохуш мох лоьцуш Iедал дIадоьду. «Цхьа хIума лартIаххьа-м дац кху Дания пачхьакхехь», аьлла-кх, Шекспиран Гамлетан трагедехь цхьана турпалхочо.И сурт гуш ишта хIума дагадогIу-кх. Адам адам мА ду.Адамашкахь яхь ю,Сий ду,безам бу.Къахьоьгуш ду.Цхьа Iалашонаш ю. Уьш кегьеш хIумнаш лело мА ца деза Iедало. Вон дебо мА ца деза.Адам дар мА до»

Цхьаболчу бозуш боцчу тергамхошна хетарехь,Iедалдай кхерамазалла ларйо бохуш.бахархошна дозанаш деттар кхиндIа йолчу хана а алсамдалахь бен лахлур ду бохург аьттехьа а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG