ТIекхочийла долу линкаш

Евзаш йоцчу газах дIовш даьлла Соьлж-гIаларчу школин берашна


Евзаш йоцчу газах дIовш даьлла Соьлж-гIаларчу ткъе исс дешархочунна а, церан хьехархочунна а. Коьрта верси ю, цара цхьа химин дIовшах яьлла Iа чуоьзна хир ю, бохург.
ДIовш даьлларш массо а, гIалин берийн дарбан-хIусаме бигинера. 8 шарана тIера 15 шарна тIе кхаччалц бу дархой. Оцу дарбан-хIусаман коьрта лоьро Алимхаджиев Султана дийцарехь, «легашкахь къаьхьа а, къийзош санна хеташ ду бераш. Корта лазарна а, дог керчарна, гай лазаран, са даIа хала хиларна а латкъамаш а бо цара. Схьагарехь, нервашна тIеIаткъам бечу газах дIовш даьлла цу берашна,» аьлла Алимхаджиевс хаамийн гIирсашка.
Кхин а 235 бер школера дIахийцира. Цу меттехь болх беш Iедалан тайп-тайпанчу хьукхматийн векалш бу.
И саннарг дуьххьара хилла дац Нохчийчохь. Новая газетин журналист, тIаьхьуо йийна йолу Поликовская Анна яра, 2005-чу шарахь Шелковски-кIоштера школашкахь, коьртачу декъана, зудаберашна дIовш далар талла йолаелларг. ХIетахь и гIуллакх таллар кхин гена ца делира. Цул сов, боккъалла а хилларг къаста ца луш, дисира. ХIетахь а цхьана ца девзачу дIоьвшах эпилепси бист кхаччалц, цамгарш хилира берашна.
XS
SM
MD
LG