ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу чIерий леца ваханера Сурков


Кадыров а, Сурков а чIерий лоьцуш ву
Кадыров а, Сурков а чIерий лоьцуш ву

Деношкахь Оьрсийчоьнан вице-премьер даржера дIаваьллачу Сурков Владиславца а, Москохара кхечу хьешашца а даьхна суьрташ инстаграм чудаьхна Кадыров Рамзана. Лаьмнашкахь чIерий леца баханчехь даьхна суьрташ, аьлла яздина цо. Сурковс шен дарж дитарх лаьцна хаам ма-баьржжина, Кадыровс Нохчийчу кхайкхинера иза.

Масех де хьалха шен инстаграм дIакъовла гIоьртинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шоьтан сарахь, Стигалкъекъа-беттан 18-чу дийнахь рогIера суьрташ даьхна шен агIонна тIе.
Дукха хан йоццуш, Оьрсийчоьнан вице-премьеран даржера дIаваьллачу Сурков Владиславца, цуьнан хIусманенаца Дубовицкая Натальяца, кинояккархочуьн Бондарчук Федоран хIусамнеца Бондарчук Светланица, хьоладеца Байсаров Русланца а Гуьмсехь а, Ведучихь а даьхна ду уьш, аьлла яздина Кадыровс. «Дика чIерий лийцира», аьлла, оьрсийн маттахь йоза ду суьрташна бухахь. ЧIерий лоьцуш даьхна суьрташ дац, амма цIаргахь уьш доттуш, юха дууш а даьхнарш ду.

Оьрсийчоьнан Iедалехь лаккхарчу даржера дIаваьллачул тIаьхьа, нахана юкъахь гина вацара Сурков Владислав. ХIинца а билггал хууш дац, Сурков боккъалла а шен балхах вохийна бахьана. Оьрсийн президентан администрацин уллерчу хьосташа дийцарехь, Путине мотт бина хилла, цо оьрсийн оппозицина ахчанаш латтийна, аьлла. Шеконаш кхоьллинарг ду боху, Сколкован цIарах Сурковс депутате Пономарев Ильяга 750 эзар доллар далар. Оьрсийчоьнан тайп-тайпанара гIаланашкахь лекцеш ешарна а, Iилман-талламан белхаш барна а, аьлла. Сурковца болх бинчара дийцина, цуьнан Путинца йолу юкъаметтигаш йохийна, Iедалера арататтархьамма дина ду иза, Iедал карадерзон луучара, аьлла.

Цул сов, Сурковс Болотная майдане арабевллачу нахах лаьцна диканиг алар а, цигахь болчарца къамел дан а дезара аьлла, цо кховдийна ойла бахьанехь, президентан администрацера вохийнера 2011-чу шарахь. Иштта, дукха хан йоццуш Британе вахана волуш, Лондонерчу экономикан а, политикан а Iилманийн школехь вистхуьлуш, бюджетан ахчанаш дайъарехь бехке лоручу «Сколковон» гIуллакх талларехь Оьрсийчоьнан Талламан Комитето гайтина жигаралла емалъйинера цо. Цунна дуьхьал вистхуьлуш, Талламан Комитетан куьйгалхочо Маркин Владимира элира, «Скотланд-Ярдана критика ян ваьхьна волу британан министр шен гIантахь дукха Iийр вацара. Схьагарехь, Москох дукха либералан режим ю».

Сурков Владислав лакхарчу дIаваьлла аьлла хезначу сохьташкахь, иза Нохчийчу кхайкхира Кадыров Рамзана. Гарехь, цуьнан дог оьцуш, иза лаьмнашка а, чIерий леца а вигина.

Шен инстаграм-агIнна тIехь юьтучу комменташна дегабаам бина, иза дIакъовлур ю ша ьаллера Кадыровс хьастагIа. Паспорт доккхуьйтург кхаьънаш доьхучу стоьладена бина латкъам къастош, Нохчийчоьнан вахархочуьнца Ибрагимов Бекханца даьккхина сурт тоьхнера инстаграм тIе. Цхьана Оьрсийчура блоггерна вевзинера, футболан фанат Волков Юрий верна 2011-чу шарахь чувоьллина нохчо. Цуьнан хьесапехь, иза набахтехь хан такха езаш вара. И гIуллакъ къастийча гучуделира, хIокху беттан мукъа денош доладале, Ибрагимов низамца а догIуш, хенал хьалха набахтера аравалийтина хилла хилар.

Дог даьттачохь, инстаграм дIакъовла ша бина хилла сацам хийцина Кадыровс. ХIинца цо яздина, шена хазахета нахаца дIа-схьа яздеш. Твиттер тIехь, Живой Журнал тIехь, Инстаграм тIехь а вуьсур ву ша, аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG