ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъ - терроран мохк



Оршотдийнахь маситта молханах юьйлина машен эккхийтина Иракъехь, лаххара а 54 стаг а вуьйш. ШиΙаташ бехачу БагΙдадан йистошкарчу базаршкахь а, автобусийн социйлашкахь а дина и зуламаш. Басра-гΙалахь дина царех ши эккхар.

Цхьаммо а тΙе ца эцна шена и терроран тохарш. 2011-чу шарахь Ιамеркан эскарш Иракъера дΙадахчхьана махкахрчу суннаташний, шиΙаташний юкъахь гΙоьртина лаьтта хьал. Дахначу кΙиранах динчу лелхийтаршкахь вийна лаххара а 75 иракъхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG