ТIекхочийла долу линкаш

ХIинжа-ГIаларчу лелхийтаршкахь 8 стаг велла



Дагестанан шахьарахь ХΙинжа-ГΙалахь оршотдийнан делкъехь динчу шина эккхийтарехь велла 8 стаг, лазийна нах бу дуккха а, хаам бина Талламан комитетан векалша.

Юьхьанца иккхинчу бомбано ши стаг лазийна хилла. Оцу метте полици еъча, дина рогΙера эккхийтар. Полицерчу хьостанаша бахарехь, Орджоникидзен урамерчу кхелан сацамаш кхочуш бечу пурстопийн цΙенна гергахь лаьтташ иккхина ши машен. Белларш ца бовззал эрчабаьхна, йохийна гонах лаьттина 20 сов машен.

XS
SM
MD
LG