ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша бац Башлам



Башламна гонахарчу Архыз-юьртахь куп тоьхначу туристийн декъара вайна ши стаг, хаам бина оршотдийнахь Кхарачой-Чергазийчуьрчу орцан министралло.

Уьш лохучу юкъанна, ломал дехьа, ГΙебарта-Балкхаройчоьнан даккъашца лаьттачу Элбрус-кΙоштарчу Кхаратуьбе, Жеркликол олучу чΙажашкахь лерина операци дΙахьош бара Ιедалан ницкъаш. Цигахь тΙемалойн цхьа тоьла йоцург, шаьш гΙаттамхой ца карош берзийна и барам, дΙахьедина республикерчу ФСБ-н хьостанаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG