ТIекхочийла долу линкаш

Текхаш ю лаьмнашкара ярташ


Нохчийчоь -- ЧIогIа дилхинчу догIанаша токхамаш яьхна лаьмнашкахь, IИтум-Кхаьллан кIоштахь, 18Заз2013

Нохчийчоь -- ЧIогIа дилхинчу догIанаша токхамаш яьхна лаьмнашкахь, IИтум-Кхаьллан кIоштахь, 18Заз2013

Адамо шен куьйга даржаде уьнаш доцуш а оьгу Нохчийчоьнна тΙе баланаш. Юха а карзахдаьлла Ιалам. Дуьненах дΙахаьдда еха карарчу ханна маситта ломара юьрт. Иштта IIаламан хьовзамаш бахьанехь,серло, газ, хи доцуш юьсу кест-кеста Соьлж-ГIала а.



Баккхийчу бохамашка ерзийна махкахь лаьттинчу йочанца деанчу догIанаша лаьмнашкара ярташ. Итум-Кхаьллан кIоштахь серло йоцуш висинера 5 эзар сов стаг. Шелан кIоштахь догIано дестийна хиш, ткъа цара дIалецнера дукхачу нехан цIенош а, керташ а. Машенца дIасаволийла дацара Шелахула.

Сиржа-Эвла агIор шуьйра даьржина, шена дуьхьал мел нисъелла хIума а такхош, чухьаьдда Хуло. Вийна, лазийна стаг вац, амма дийнахь-буса дилхинчу догIано чолхечу хьоле хIиттийна орцан министраллийн белхахой.

Уггаре а халчу хьолех хIинца а бу ЧIебарлойн-кIоштан Нохч-Кхаьллара бахархой. 500 ца кхоччуш стаг веха и юьрт массо а агIор дIахаьдда дуьненах. Ваха-ван аьтто бац цигахь. Чухьаьддачу хино яьккхинчу токхамо боккха бохам бина оцу меттигашкахь бехачу нахана - дIадаьхьана тIайш, дохийна некъаш.

Бена-Веданахь хьал маситта шарахь а лаьтта хьал чолхе. Хино боккха бохам беана шайна, бохуш, орца доьхуш, Маршо ррадиоца къамел дира оцу эвларчу Ахматов Амхьада.

Ахматов: «5-6 де хьалха дилхинчу догIано, некъаш а дохийнера. Бена-Веданахь санна доьхна некъаш долуш юьрт ю аьлла ца хета суна Нохчийчохь. Башха бала болуш стаг а вац. Оха массара а тидам беш ду уллехь охьадоьду Яьсса. Оцу хин йистехула боьду некъ гола тухучу меттехь, иза чIагI ца яхь, бетон ца йиллахь, ян биргIанаш а йоьгIна хIума ца дахь, я Ясса нийса охьа ца дахийтахь, юьртахь газ а, ток а, некъ а боцуш 2-3 эзар адам дуьсур ду.

Некъ гаттбелла, "Жигули" машен» яха а ца луш. Кхин Iедалийн бала а ца хилла, юьртахоша, шайн чоьтах машенаш а ялийна, болх байтина цигахь».

Шайн эвлана уллехь керла боккха Iам хIоьттина, тIеттIаяхана, ши басе вовшахкхетта, боху Бена-Веданарчу Ахматов Амхьада.

Ахматов: «Лоьман арц" олуш ю Бена чуйогIу жима юьрт. БойсгIар схьаваьлла юьрт ю олуш а ду иза. Цига дехьаболу некъ текхна, цо хи дIакъевлина, цхьа бIе метр герга керла Iам кхоьллина Нохчийчохь. Бай тIехула дIадоьдуш ду хи. Iам ша инзаре кIорга бу. 3-4 де ду иза хилла, амма. Цхьа а орцах ваьлла стаг вац. Ша кинокамера а йолуш стаг веъча, цхьанхьа кхечанхьа дIа ца гайтахь иза. Вай долчохь гойтур дац иза аьлла, ишшта сацам хилира тхан».

Хиллачу йочанца дуй-даций ца хаьа, амма республикан коьрта шахIарахь Соьлжа-гIалахь а оршоьтан Iуьйраннна дуьйна хи доцуш дукха меттигаш ю. Телехьожийлашкахь а, радиохь а, газеташкахь дIакхайкхийна, гIалахь 6-7 дийнахь хи хир дац аьлла. Оцу бахьаница цхьана кIиранна Соьлжа-гIалахь мел йолу берийн бошмаш ю дIакъевлина .
XS
SM
MD
LG