ТIекхочийла долу линкаш

Министраш лоьцуш бу Гуьржийчохь



Гуьржийчохь премьер-министр а, могашаллин министр а Ιийна Мерабишвили Иване а, Чиаберашвили Зураб а лаьцна мехкан Ιедало. ДΙакхайкхийна шинарий дийнахь чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло, оцу шимма пачхьалкхан ахчанаш лечкъийна аьлла.

Оцу бахьанийца Кутаисерчу прокуратуре кхайкхинера и шиъ. Цара диина боху болх боцучарна лерина хилла ахча. Кхело къастош ду, лоцу иза шиъ я цкъачунна маьрша вуьту, цаьргара закъалт а эцна.

Президентан Саакашвилин Михаилан герггарчу гонера вара ший а. «Гуьржийн сатийсам» цΙе йолу партийн коалици Ιедале еъчхьана, цхьацца зуламашна бехке а беш, лецна махкахь дуккха а хьаькамаш.
XS
SM
MD
LG