ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамашна кечлуш ю ГIажарийчоь



ГΙажарийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучийн могΙа бовзуьйтур бу цигарчу харжамийн куьйгалхоша кестта. Ши де ду Революцин Хадархой олучу лаккхарчу кхеташонан ша магабечу кандидатийн цΙерш чоьхьарчу гΙуллакхийн министралле таллийта а, уьш куьйгана цΙена буйла зейта.

ТΙебогΙучу Мангал-беттан 14-чу дийнахь дΙахьор бу гΙажароша шайн президентан харжамаш. Мехкан дайша дΙакхайкхийна, могашалла ледара йолу нах хуьлийла дац кандидаташлахь, аьлла.

Цкъа президент Ιийна, хΙинца а цу дарже кхача лаам болу 78 шо кхаьчна Хьашеми Акбар политикан некъара ваккхархьама ду иза, аьлла хета тергамхошна.

Карарчу хенахь шозлагΙа дарж шегахь латтадечу Ахьмадинежад Махьмудан бакъо яц кхин президент хила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG