ТIекхочийла долу линкаш

Евровиденин жамIашна резабац цхьаберш




Оьрсийчоьной, Азербайджаной дΙахьедина, эшарийн къовсамашкахь Евровиденехь харцо лелла, аьлла. Азербайджанан арахьарчу гΙуллакхийн министра Мамедьяров Эльмара шайн махкахь бахархоша Оьрсийчоьнан цΙарх Евровиденехь дакъалаьцначу Гарипова Динина шолгΙа меттиг кхачийнера, ткъа Швецерчу къовсаман жюрино азербайджанхоша делла терахьаш дуьхьар а ца эцна, боху.

Гарипова Динина 5-гΙа меттиг кхаьчна Мальме-гΙаларчу Евровиденехь. Ткъа хьалхара меттиг баьккхина Данерчу де Форест Эмилис.
XS
SM
MD
LG