ТIекхочийла долу линкаш

"Магасан" кхелехь тешаш лебина



Къилбаседа Кавказан тΙеман кхелехь Кавказ-Имаратан куьйгалхойх хиллачу Тазиев Ιелин дов листа долош 6 теш левина. 2007-чу шарахь Невинномысскан автобусан социйлехь эккхийтар дарца доьзна ладогΙарш дара шинарий дийнахь кхело дΙадаьхьнарш.

Тешашлахь бара хΙетахь гΙалгΙачо Цуроев Зураба эккхийтина лоручу автобус чохь хилла ши стаг а, Пятигорскера цхьа таксист а, кхиболу нах а. И зулам кечдинарг Тазиев ву, боху талламчаша.

Иштта бехке до Тазиевна («цунах «Магас» олура гΙаттамхошлахь) 2009-чу шеран гурахь Несарахь полицин хΙусамна тΙелатар кечдар а, тΙаьхьо мехкда Евкуров Юнус-Бек эккхийта гΙортар а.
XS
SM
MD
LG