ТIекхочийла долу линкаш

ГΙажарийчохь 700 стаг вара президент хила лууш



ГΙажарийчоьнан президента ша юхабоккхур бу аьлла Мехкан Хадархоша – иштта олу къоман кхеташонах – шен гонера стаг тΙебогΙучу батта юккъехь дΙахьочу президентан харжамашка кандидат хΙотта доьхкуш тΙеэцна сацам. Къоман кхеташоно ца витина кандидатийн могΙаршка Рахьим Машаи Эсфандияр.

700 гергга харжамашкахь тола луучу нахах 8 бен ца магийна къовсаме ваккха Мехкан Хадархоша. И барххΙе а гΙажаройн лакхарчу вераса – ХΙаменеи Ιелас, аятоллас, магийначех ву – кхиберш лараме бац, бохуш хаам бо журналисташа.

Ахьмадинежадан гонна гергарчех волу гоьвалла политик, хьалха президентан даржехь Ιийна Рафсанджани ХΙашеми а ца магийна кандидатийн могΙаршка.
XS
SM
MD
LG