ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белых Никита: Навальный бехке вац



Киров-мехкан губернатора Белых Никитас шеконе даьхна блоггеро, политикан жигархочо Навальный Алексейс, ша губернаторан гΙоьнча волчу заманахь хьун а йоьхкина, са яьккхина боху Кироврчу кхелехь толлучу девнера тоьшаллаш.
2009-чу шарахь ах миллион долларна хьун йохкарна бехке во Навальный.

Кхаарийдийнахь кхелан девнехь теш ларалучу Белых Никитас Навальный цхьана а кепара герга вацара хьун юхкучу контракташна, и болх цуьнан карахь а бацара, аьлла. Цул совнаха, шена хьалха хезна а дацара, эшам хилла бохуш, хьун юхкучара аьрзнаш деш, элира губернатора. Навальныйс а, цуьнан адвокаташа а дов иза политикехь Ιедалан оппонент хиларна гΙаттийна ду бохуш чΙагΙдо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG