ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кемерон:"Массо а бусулбанаш бац бехке "



Лондонехь Ингалсенан вахархо вер, терроран акт ярна, пачхьалкхо доггΙу жоп кхачор ду зуламхошна, аьлла, дΙахьедина Британин премьер-министра Кемерон Девида. Вийнарг мила ву хоуьйтуш дац цкъачунна, иза вийначу шимма исламан радикализмаца дозу къамелаш дина, шаьш и вийначул тΙаьхьа, карахь уьрсаш а, хаспаш де диг а долуш, даржадо ингалса прессано.

Кемерона леррина кхеташо дΙаяьхьна пачхьалкхан къайлахчу сервисца. Цо бахархошка, сих ма ло хиллачунна бусулба нах бехке бан, аьлла, дехар дира. Зуламхой муьлхха а стаг шайх къахкар волуш нах бу, бехк беккъа церан бу, бохура премьер-министра.

Зулам дарна лаьцна ши стаг, уьш лоцуш полицино лазийна хиларна, дарбан цΙийнехь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG